День Чеченского языка

25.04.2018

25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду. 25-г1а апрелехь тхан цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь оха  юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

Ладог1а цкъа соьга хьекъале корта

Ладог1а якхий д1а лергара потт

Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна вай нохчийн мотт!